1алам сочинение на чеченском языке

Сочинение по чеченскому языку «Даймохк»

Даймохк! Иза дешнийн гуламна юкъахь уггаре а деза а, сийлахь а дош ду, «Даймохк» аьлча Казахстанехь, Киргизехь бІаьргаш тІунлора вайн дайн,нанойн. Мел гена белахь а, Даймохк вайн хилар бахьана долуш дисира къам хІаллак ца хуьлуш, хІу ца довш. Леш верг, вала вижинарг, Даймохк цхьамма хьахийча, хьалагІоттура: сан вала йиш-м яц, Даймохк а ца гуш, – олий. Мацалла кІелвисинарг а, гІоттий, волалора. Оцу дашо гІора а, ницкъ а лой, гІаттавора иза…

Эзар жовхІарна юккъера цхьа жовхІар харжа таро хуьлу. Эзар динна юккъера цхьа дин харжа а таро хуьлу, ткъа Даймохк харжа а, хийца а таро йолуш бац. Иза хІора стеган а, къоман а цхьаъ бен хуьлуш бац. И цхьаъ бен боцу Даймохк йоІбІаьрг санна ларбан, Іалашбан беза, хІорамма шен са, хаарш, похІма, хьуьнар, доьналла, говзалла, кхоа а ца деш, дІадала деза.

Дуьнен чохь къонахий мел дукха белахь а, къам доцург къонах вац, шен бийца къонахий боцург къам дац. Дуккха а адамех къам ца хуьлу.

Нохчи нанас шен дуьххьара дуьнен чу ваьллачу кІантана ша йойтуш хилла зарговзе шаьлта. Шен кІант мара а вуллий, йоьдуш хилла иза зарговзан пхьалгІа. Цунна бІозза хьалха гинехь а, кІант дІагойтуш хилла: «ХІокху сан кІантана шаьлта е. Мах кхоор бац ас», – олий. Зарговзаца барт а бой, хан а юьллий, шаьлтана эчиг кечдайта юха а йоьдий, левси кховсуш, зарговзан гІоьнца варзап тухуш, нуьйжа екош, гІо деш хилла нанас, шен кІантана варзапан а, жІаьвнан а, нуьйжанан а гІар-гІовгІа а хозуьйтуш, цунна гойтуш. ТІаьххьара кхин цкъа кхерчахь цІий а йойтий, шен аьрру агІорхьара накха (тІар) гучу а боккхий, иза шен куьйга Іовдий шурин кІеж тухуш хилла цо цІиеллачу шаьлтанна тІе. Шура, йогий, кІур эккхаш хилла, тІаккха ша, шен аьтто куьйга схьа а оьций, шийлачу мохехь, шок йоьттуьйтуш ластайой, шелъеш, яхчош хилла. Шаьлтанан эчигана тІехь ненан шурин томмагІанаш дуьсуш хилла. ойла ейша, «Ойла ейша, нохчий! Муха хила веза шен ненан шурица яхчийна шаьлта карахь йолу кІант?! Муха хила еза шен кІант иштта Даймехкан дуьхьа ваха а, вала а кечвеш хилла нана? Сий дейша вайн Ненан! Иза ю-кх нохчийн халкъан зІенан чІуг ца ходуьйтуш латтош ерг!

«Даймахкана хьалха гуора лаьттина со дукхазза. эхь а ца хеташ! сайн нанна хьалхагуора лаьттина со дукхазза. Эхь а ца хеташ! Цо сайна пурба делча бен гена новкъа ца ваьлла, дан дагалаьцна доккха гІуллакх дола а ца дина. Даймохк дага беача вилхина со, эхь а ца хеташ! Даймахках къаьстича, къастийча вилхина со къайлах, эхь а ца хеташ! Даймахка со юха цІа кхаьчча, вилхина со, эхь а ца хеташ! Амма ца вилхина мацвелча а, гІелвелча а, мел йоккха харцо сайна тІетаІийча а, мел боккха сайна иэшам хилча а, зен хилча а.»(Сулейманов А.)

«Даймохк»! ЙоІбІаьрг санна, ларбелахь вайн ненан мотт. Деша дезачохь «Бисмилла» вайн ненан маттахь дешалахь, хьо дуьнен чохь мел деха, лечу сохьтехь «Ясин» а нохчийн маттахь деша Іамавелахь массо а! Амма:

Источник

Нохчийн матттах лаьцна сочинени

Сочинение на чеченском языке,о чеченском языке.

Скачать:

Предварительный просмотр:

МУНИЦИПАЛЬНОЕ БЮДЖЕТНОЕ ОБРАЗОВАТЕЛЬНОЕ УЧРЕЖДЕНИЕ

«Наурская средняя общеобразовательная школа №3»

НАУРСКОГО МУНИЦИПАЛЬНОГО РАЙОНА

Язйинарг: Тунжаханова Сати

10 –чу классан дешархо

Нохчийн маттах, нохчийн маттахь…

«Мерзачу озаца сан амал lехош,

нанас со хьистийнарг нохчийн мотт бу. »

Хаьий теша вайна и Дала делла ни1мат 1алашдан а, лардан а?

Вай дуьненчу девлча, дуьне довза доладелча, вайна гонаха дуьххьара хезаш берг ненан мотт бу. Цу маттахь берана хеза ненан к1еда, аьхна дешнаш, дуьхьала дош дало берана ца хаахь а, деладаларца гойту цо шена цунах кхетар. «Алал, хьоменаг»- бохуш нанас 1амадо дуьххьарлера дешнаш. Ма хазахетарца олу беро и дуьххьарлера, ненан дагна тамехь дешнаш. Нанас 1амадо бера нохчийн маттахь шен ойла даше ерзаян.

Кху доккхачу дуьненахь бац аьлла хета суна адамийн маттах ненан мотт олуш. Амма олу иза нохчийн маттах.

Сан доьзалехь даима бара бекаш нохчийн мотт. Нанас башха ч1ог1а доцучу озаца буьйцура и мотт, делахь а цо меллаша аьлларг дагах а кхеташ дешнаш хуьлура.

Со школе яхча евзира суна меттан к1оргалла. Нохчийн маттахь дийцарш, туьйранаш, иллеш, х1етал-металш, чехкааларш. Хиира нохчийн мотт иза бух боцу х1орд буйла. Доггах безаш т1еийцира аса нохчийн мотт 1амор.

Нохчийн маттахь дуьххьара туьйра сайна хезча, со инзаръяьлла, буьйсанна наб ца кхеташ 1ийра. Наб кхетча, сан г1енаш чохь дара Алхаст а, Маьлха-Аьзни а. Х1етахь дуьйна сан шолг1а ц1а а хилла д1ах1оьттира библиотека. Цу хенахь со кхоалг1ачу классехь яра.

Лакхарчу классашкахь суна вевзира Бадуев С., цуьнан Бешто а, Бусана а. Цара шовданна йистехь балхийна безам. Ма хаза, аьхначу дешнашца дуьйцура Бештос Бусанига шен дагара. Муха хир бара сан эсала нохчийн мотт и дагардийцар доцуш.

Вевзира Абузар Айдамиров, шен «Ехачу буьйсашца», воккхачу стеган до1анашца, шайн Даймохках бевллачу мух1ажаршца. Муха хира бара сан нохчийн мотт Абузаран ира, буьрса, дог ойбуш долу дешнаш доцуш.

Читайте также:  Зачем врач просит показать язык

Сан даг чохь дуккха хан яьлча а декара Яшуркаев Султанан «Маьрк1ажа- бодан т1ехь к1айн хьоькх» повесть т1ерачу турпалхочун Мадин аз: «Х1ан-х1а, тхо цкъа а лийр дац. » Массо баланех чекхдевлла, сеттина букъ нисбеш, майра, онда лаьттара ду сан нохчийн халкъ, цу халкъан ондда г1ортор, орам хилла лаьтташ болу сан нохчийн мотт а.

Ас х1ара мог1анаш яздочу хенахь дерриге дуьнен т1ера къаьмнаш баланехь долу хан ю, ун даьржина хан ю. Амма со теша вайн нохчийн халкъ цу баланех чекхдер ду, нохчийн маттахь иллеш декар ду, маьждигаш чохь бусулба нах гуллур бу (Дала мукъалахь!).

Юха а ас боху, ду-кх и нохчийн мотт дог1а, дуьненан моссо не1 йоьллу дог1а. И дог1а луш ду-кх х1ора стагана и дуьнен чу волучу дийнахь. Йоьллу-кх цу дог1ана массо не1, адамийн деган не1 а.

— Вайга весет санна дека бевзаш болчу нохчийн поэтийн дешнаш.

-Варийлаш, меттан сий делаш, варийлаш, шайн мотт биц ма белаш, варийлаш, шайн кхерчийн дай хилалаш боху цара вайга х1оранга а.

Источник

Сочинение по чеченскому языку «Родной язык-моя гордость»

Мотт адамийн дахаран хазна ю. Иза адамаш массо а аг1ор вовшех кхетош болу Дала вайна белла тамашийна г1ирс бу.

Дуккха а ду дуьненахь меттанаш, ткъа царна юкъахь шен меттиг д1алоцуш, къаьсташ вайн нохчийн мотт бу.

Вайн мотт г1иллакхе а, оьзда а бу, мерза а бу. Иза къоман са, адамаллин куьзга а ду. Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а дужур ду. Цундела вайна беза, вай 1амабо вешан нохчийн мотт.

Мотт д1абаьлча халкъан тезет, ловзар-синкъерам, дика-вон д1адолу. Уьш д1адевллачу халкъах халкъ ала йиш яц. Вайн халкъах, вайна кхане а йолуш, халкъ хила лаахь, уггар хьалха нохчийн мотт, олуш махиллара, баьрчче баккха беза вай. Шен мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац.

Цуруев Ш. «Нохчийн мотт эцна бац базарахь» ц1е йолу стихотворенехь боху:.

Акха яр санна и ца баьлла бацалахь,

Боьжна бац стиглара, эцна бац базарахь.

Цхьаьнггера юхалург баьккхина бацара,

Кхоьллина хилла и вайн дайшна азаллехь.

Ас лору дуьненахь мел долу меттанаш,

Нохчийн мотт даима сан оьзда дозалла

1ожаллин цамгаро д1алаьцна меттахь 1аш

Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале…

Муха хир ву дуьненахь уггаре а сийлахьчу Ненан мотт цабезарг и бийца цалуург, и къен хетарг.

Мел халахеташ делахь а, ишттанаш а нисло вайна юкъахь. Цхьаццаволчо дозаллица къамел до, шена ненан маттахь еша а, яздан а ца хаьа, бохуш.

Ткъа дуьненахь а воккхачу оьрсийн яздархочо Л.Н.Толстойс аьлла хилла:

«Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».

Ненан мотт…Доккха маь1на лоцу оцу шина дашо шайна чу.

Вай дайшкара схьадеъна вай хаза г1иллакхаш, оьздангалла, ийман.

Ткъа и шадерриг д1акхехьа оьшург бу ненан мотт. Ненан мотт ларбеш ца хилча, цуьнан сий деш ца хилча, къам д1адолу.

Тахана вай ойла ца йо вай дечу къамелан, олучу дешан. Ларамза вайн багара дуьйла маьттаза дешнаш, дашца чов йо вай ваьшна уллорчунна.

Поэзехь а тидам боцуш ца дисна и санна долу дош.

1. Ахь тхуна оьг1азлой, харцдерггий деъча,

Мел сийсаз бу-кх хьо, адаман мотт!

Ахь тхуна деган и к1езгалла еъча,

Адамашна, лаьттана ца безаш бу хьо,

Наь1алте хуьлда хьо, сийсаза мотт!

2. Ахь тхуна дикалла, нийсо а еъча,

Мел хьоле бу-кха хьо, адаман мотт!

Вайн дегнийн ц1оналла ахь тхуна елча,

Казбекан баххьаш а ахь лалор дара,

Дуьненан хазахетар, адаман мотт!( Яндиев Дж. «Адаман мотт»)

Вай олу Даймохк-Нана.

Нана санна, Даймохк беза вайна, цунах девлча тоха са а доцуш. Иштта шен нене, Даймахке санна, хила беза ненан матте болу безам а.

Оьрсийн яздархочо Паустовскийс 1аламат хьекъале а, нийса а аьлла ненан маттах лаьцна ша яздина башха дешнаш:

«…Шен махке болу бакъ безам, шен матте бацахь, маь1на долуш бац!» С айн сочинении ерзош суна дало луур дара вайн сийлахьчу яздархочо, поэта Мамакаев Мохьмада ненан маттахь аьлла дешнаш:

«Шен ненан мотт халкъо,

Сий ойбуш 1алашбахь,

Цу халкъан парг1ато

Цхьаммо а хьошур яц!»

— Везачу Дала ницкъ, хьекъал лойла вайна нийсачу новкъа, шуьйра г1улчаш йохуш, Нохчийн меттан сий-ларам ойбуш, д1адаха.

Номер материала: ДБ-704124

Не нашли то что искали?

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Подарочные сертификаты

Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.

Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.

Источник

Методические разработки уроков развития речи на чеченском языке

Выбранный для просмотра документ Сочинени аьхка бешахь.doc

Урокан ц1е: «Аьхка бешахь».

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна 1емар ду шайна суьрта т1ехь гуш долчух барта жима дийцар х1отто, и д1аяздан.

Читайте также:  Глагол togliere в итальянском языке

Регулятивни : берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто, оцу планан рог1аллица дийцар яздар.

Коммуникативни: берашна хуур ду шайна хетарг д1аала. Хьехархочо деллаачу хаттаршна дуьззина жоьпаш дала, уьш д1аяздан.

Познавательни: берашна 1емар ду оьшу г1ирс книги т1ехь ган, интернет чохь каро.

3. Личностни : берашна хуур ду дахарехь шайн могашаллина пайде дерг каро, цунах пайдаэца. Кегий болуш дуьйна кхуьур ду дика г1иллакх ойланца.

2. 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла книгин 25 –га1 аг1о. Х1ун ю иза? (Сурт ду).

-Х1ун дийр дув ай оцу суьртаца? (Дийцар х1оттор ду).

-Х1ун кхиамаш бохур бу аша?

-Бераш, вай тахана язйийр ю суьртах лаьцна сочинени : «Аьхка бешахь».

-Хьовса оцу суьрте? Х1ун ду цу т1ехь коьртаниг? (Бешахь беш болу болх).

-Х1ун эр дара аша бешахь бечу балхах лаьцна?

-Сочинени язъяр стера т1ера д1адолор ду вай? Бечу балха т1ера йолор ю я оцу бешах лаьцна эр ду вай жимма? (Бешах лаьцна эр ду).

— Дийца бешах лаьцна. Х1ун кхуьу цигахь? Уьш масса хуьлу? Чуерзо масса йоло мега?

-Шозлаг1а х1ун эр ду вай? (Бешахь бечу балхах эр ду).

-Хьаьнгахь ду ведар? Цо х1ун до?

-Х1ун яздийр ду вай коьртачу декъана т1аьхьа? (Оцу стоьмаша беш болу пайданах лаьцна).

-Стенна оьшу стоьмаш? Царех х1ун йо? Муха ду могушаллинна стоьмаш баар? Цаьрца х1ун ю? (Витаминаш).

-Х1ун яздийр ду аша доьалг1ачу декъехь? (Болх бечу берех лаьцна).

-Муха бераш ду и болх беш дерш? Х1унда ду уьш дика бераш? Аша дой иштта г1уллакхаш).

-Бераш масса дакъа нисделира вайн дийцаран? (Диъ).

-Стенах лаьцна дара хьалхара дакъа? (Бешахь долчу беркатах лаьцна. Уьртахь беш хиларх лаьцна).

-Х1ун ц1е туьллур яра оцу декъана? (Бешахь долу беркат).

-Стенах лаьцна дара шолг1а дакъа? (Бераша бечу балхах лаьцна).

-Х1ун ц1е туьллур яра вай цунна? (Дешархоша чуберзабо стоьмаш).

-Стенах лаьцна дара кхоалг1а дакъа? (Стоьмаша бохьучу пайданах лаьцна).

-Х1ун ц1е туьллур яра вай цунна? (Стоьмаша могашалла тойо).

-Стенах лаьцна дара доьалг1а дакъа? (Дешархойх).

-Х1ун ц1е туьллур яра вай цунна? (Дешархоша г1о до баккхийчарна).

Уьн т1е д1аязйо план.

1. Бешахь долу беркат.

2. Дешархоша чуберзабо стоьмаш.

3. Стоьмаша могашалла тойо.

Сочиненин х1оттам билгалбаккхар.

-Маса дакъа хир ду вайн сочиненин? (Кхоъ).

-Муха яздийр ду х1ора дакъа? (Ц1ечу моганчуьра).

Сочинени язъян кечам бар

-Д1адеша планан хьалхара дакъа. Х1ун ю шу юьртахь? (Юьртахь ю йоккха стоьмийн беш).

-Муьлха стоьмаш кхуьу цигахь? (Бешахь кхуьу тайп-тайпана мтоьмаш: хьечаш, 1ежаш, кхораш, шапталш).

-Муха хила уьш кхушарахь? (Кхушарахь уьш хилира хьийкъина).

-Д1адеша шолг1а дакъа. Муьлш баьхкина стоьмийн беша? (Дешархой баьхкина стоьмийн беша).

-Цаьргахь х1ун ю? (Цаьргахь ду ламиш, ведарш, тускарш).

-Х1ун до Бакъис? (Бакъис стоьмаш схьабоху).

-Х1ун до Эсилас? (Эсилас уьш тускарш чу д1анисбо).

-Х1ун до Яхас? (Яхас к1елла 1енна стоьмаш схьагулбо).

-Х1ун до Вахас? (Вахас стоьмаш юьстахбоху).

-Муха къахьоьгу бераша? (Бераша бертахь къахьогу).

-Д1адеша кхоалг1а дакъа. Оьшуш буй вайна стоьмаш? (Стоьмаш ч1ог1а оьшуш бу).

-Х1ун йо царех? (Царех йо компоташ, варетеш).

-Муха ду стоьмаш баар могашаллина? (Стоьмаш баар могашаллина ч1ог1а пайде ду)

-Х1ун ю цаьрца? (Цаьрца ду вайна дег1ана оьшуш долу витаминаш).

-Х1ун дан ницкъ кхечи шун?

7. Ц1ахь бан болх балар

Шардар № 43, аг1о 26.

Выбранный для просмотра документ сочинени 1а т1едеана.doc

Урокан ц1е: «1а т1едеана».

Кхочушдан лерина жам1аш:

3. Личностни : берийн алсамдер ду пайдениг дан лаар, 1аламан хийцамех дерг ган, цуьнан пайдаэца.

2. 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла учебникан 79-г1а аг1о. Караде шардар № 158ю

-Х1ун т1едуьллу цо вайна? (Дийцар яздан).

-Х1ун дийр ду вай тахана? Х1ун кхиамаш бохур бу вай?

-Вай тахана язйийр ю сочинении : «1а т1едеана».

3. Суьртах лаьцна къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю т1ееанарг? (Т1едеана шийла 1а).

-Х1ун оьг1у стиглара охьа? (Стиглара охьаоьгу лайн чимаш).

-Стено хьулдина латта, ц1ийнойн тхевнаш? (Лайно хьулдина латта ц1ийнан тхевнаш).

-Х1ун хилла хишна? (Хишна шаш бина).

-Муха ду х1аваъ? (Х1аваъ шелделла).

-Муха ду дийнош, буьйсанаш? (Денош дацделла, буьйсанаш язъелла).

-Бераш кхоьрий шелонах? (Амма бераш ца кхоьру шелонах).

-Цара х1ун до? (Уьш 1арахь ловзу).

-Шуна х1ун аьлла хета: арахь ловзар пайде ду я зуламе ду? (1ай арахь ловзар ч1ог1а пайде ду. Ц1еначу х1авао могашалла тойо. Шелоне дег1 доьлча цамгарш лехьор яц. )

-Муха хетта шуна 1а? (Суна хазахета 1ай).

-Стенан тидам боа ша? (аса тидамбо охьаоьгучу лайн чимийн, хийцалучу стиглан).

План х1оттор. Х1ора декъан чулацам бовзар.

-Х1ун дара коьрта? (1аламехь 1аьно бо хийцамаш)

-Х1ун ц1е хир ю оцу декъан? (1аламан башхаллаш).

-Х1ун дара шолг1а тидам бинарг? (Берийн ловзарш).

-Х1ун элира могушаллех лаьцна? (1аьно ловзаро могашалла тойо).

-Х1ун хетта шуна 1аьнах лаьцна? Стенан тидам бо аша? (Суна хазахета 1а)

Уьн т1е план д1аязйо.

1аьнан 1аламан башхаллаш

Берийн самукъадолу 1ай.

Сочиненин х1оттам билгалбар, х1ора декъан чулацам таллар

-Маса дакъа хир ду вайн сочиненин? (Диъ).

-Муха билгалдоккхур ду х1ора дакъа? (Ц1ечу мог1анчуьра яздийр ду).

-Х1ун яздийр ду аша 1аьнан 1аламах лаьцна?

-Х1ун яздийр ду аша берийн ловзарех лаьцна?

-Х1ун яздийр ду аша берийн ловзарша бечу пайданах лаьцна?

-Х1ун эр ду аша шайна хетачух?

-Х1ун дара халаниг? Х1ун дика нисдели шун?

Шардар № 157, аг1о 79.

Выбранный для просмотра документ сочинени б1аьсте.doc

Читайте также:  Депортация ингушей на ингушском языке

Урокан ц1е: «Б1аьсте».

1алашо: суьрта т1ехь гучух, шайна зеделлачух лаьцна барта дийцар х1оттор. И дийцар 1аламан хиламехь хуьлучу хийцамийн рог1алла агойтуш д1аяздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна хуур ду гуьйренах лаьцна жима дийцар х1отто. Цуьнан чулаца ца талхош иза д1аяздан хуур ду. 1емар ду нийса предложенеш х1итто, оьшуш долу дешнаш каро.

Регулятивни : берашна хуур ду шаьш бийр болчу белхан план х1отто, оцу планан рог1аллица болх бан.

Познавательни: берашна хуур ду суьрта т1ехь х1ора декъах дог1уш дерг каро. Цунна оьшу г1ирс лаха.

3. Личностни : берашна 1емар ду 1аламан тидам бан. 1аламах, Даймахках ваккхийвер долуш корматталла йолуш дешархой хир бу.

2. 1алашо йовзийтар.

«Б1аьстенан мог1анаш»байт ешар.

Самаевли хьан серлонца.

-Стенах лаьцна ю байт? (Б1аьстенах).

-Д1аелла учебникан 143-г1а аг1о. Караде шардар № 287. Х1ун боху вайга т1едилларо? (Б1аьстенах лаьцна дийцар язде боху).

-Х1ун кхиамаш бохур бу аша?

-Тахана вай язйийр ю б1аьстенах лаьцна сочинени.

3. Суьртах лаьцна къамел дар.

-Шеран муьлха зама ю т1ееанарг? (Б1аьсте ю).

-Муха эр ду цунах лаьцна? (Т1ееана хаза б1аьсте)

-Х1ун хийцамаш хуьлу б1аьста? Муха кхета вайна х1инца малх? (Стиглахь лепа дашо малх).

-Х1ун хийцамаш бина малхо х1оттийначу йовхоно? (Малхо х1аваъ дохдина. Л оду массо меттехь дешаш. Хишна бина шаш бу бешаш).

-Кхин х1ун ю суьрта т1ехь стиглахь гуш? (Олхазарш).

-Х1ун яздийр ду вай олхазарех лаьцна? (Олхазарш ду бовхачу махкашкара ц1а уьдуш. Цара тобо шайн шира баннаш).

-Х1ун хийцамаш бу адамийн дахарехь? (Кхаш т1ехь кхехкаш бу болх.Адамаша д1адуьй ялташ: хьаьжк1аш, к1а,хохаш).

-Муха г1уллакх деш ду бераш? (Бераш а дац мокъа 1аш. Цара олхазаршна баннаш до, царна яах1ума таса меттигаш йо. Бераша баккхийчарна г1о до).

(Ц1ераш тахка берашна)

-Муха хетта шуна б1аьста? (Хаза ду б1аьста).

4. Сочинении язъян кечам бар.

-Вай къамелехь масийтта тема йолийра: б1аьсте ялар, 1аламан хийцамаш, олхазарш, сагалматаш, адамийн дахар, берийн ловзар.

-Муха йолор ю вай сочинени? (Б1аьсте яларх лаьцна яздийр ду).

-Х1ун ц1е туьллур ю аша цу декъана? (Т1ееана хаза б1аьсте).

-Шолг1а декъана х1ун ц1е туьллур ю? (1алам самадолу).

-Хьанах лаьцна хир ду цул т1аьхьа долу дакъа? (Адамийн дахарх).

-Х1ун ц1е туьллур ю цунна? (Адамаша го кхаш т1ехь).

-Хьанах лаьцна хир ду цул т1аьхьа долу дакъа? (Берийн дахарх).

-Х1ун ц1е туьллур ю вай цунна? (Берийн самукъадолу б1аьста).

Уьн т1е д1аязйо план.

Т1ееана хаза б1аьсте.

Адамаша го кхаш т1ехь.

Берийн самукъадолу б1аьста

-Маса дакъа хир ду сочиненин? Муха билгалдоккху х1ора дакъа?

-Д1аеша план. Х1ун яздийр ду аша б1аьсте т1еярах лаьцна?

-Х1ун яздийр ду аша 1алам самадаларх лаьцна?

-Х1ун яздийр ду аша кхаш т1ехь болчу нахах лаьцна?

-Х1ун яздир ду аша берийн дахарх лаьцна?

Г1оьнна дешнаш довзийтар.

Источник

План урока «СОЧИНЕНИ б1аьсте » по чеченскому языку

1алашо: суьрта т1ехь гушдерг йозанца билгалдан 1амор; суьрта т1ехь гушдолчух лаьцна шена хетарг ала 1амор; суртдиллархочо дагалаьцначух кхета 1амор;суьртах лаьцна дийца 1амор.1аламе безам кхоллар

-Бераш вай тахана язйийр ю сочинении «Аьхке»

3. Керла тема д1аяхьар.

а)Суьртах лаьцна къамел дар.

Хьехархочо д1агойт 178 аг1он т1ера сурт «Аьхке»

-Шеран муьлха зама ю суьрта т1ехь гойтуш ерг? (Аьхке)

-Муха ду 1алам? (1алам тайп-тайпана беснаш эцна ду)

-Муха хетта шуна аьхке т1ееача? (Аьхке т1ееача берашна ч1ог1а хазахета)

-Х1унда? (Аьхка каникулаш юьйлало)

-Суьрте а хьовсуш дийца муха д1ахьо бераша каникулаш? (Каникулаш ч1ог1а хаза д1ахьо оха)

-Х1ун ю школан? (Школан беш ю)

-Х1ун ю бешахь? (Бешахь бу стоьмаш: 1ежаш, кхораш)

-Х1ун до аша царна? (Оха уьш чуберзабо)

-Муха хеташуна бешахь болх беш? (Бешахь ч1ог1а самукъане хуьлу)

-Стенга оьху шу мокъачу хенахь? (Мокъачу хенахь тхо хуьнах оьху)

-Х1ун ю хьуьнхахь? (Хьуьнхахь ду ц1азамий)

-Х1ун до аша царна? (Оха ц1азамий лахьадо, 1аламан тидам бо)

-Шун юртана уллохь муьлха хи ду? (Тхан юртана уллохь Гумс ду)

-Х1ун ю цу чохь? (Цу чохь ч1ерий ду)

-Аша лоьций ч1ерий? (Оха ч1ерий лоьцу)

-Кхин х1ун до аша? (Тхо буьрканах ловзу)

аь)Сочиненин кийча план таллар

3.Могашаллина пайда гар.

-Маца дакъа хир ду вайн сочиненин? (Кхоъ)

-Муха долор ду х1ора дакъа? (Ц1ечу мог1анчура)

-Х1ун эр дара аша берийн сада1арх лаьцна? Дийца стоьмийн бешах лаций. (Тхан школан беш ю. Бешахь кхуьу 1ежаш. Оха уьш схьабоху. Ч1ог1а самукхане хуьлу бешахь)

-Могшаллина пайде дуй иштт сада1ар? (Могушаллина ч1ог1а пайдехь ду иштта сада1ар)

-Д1адеша дешнаш. Муха яздийр ду уьш?

4. Сада1аран миноташ.

(Бераша кхочушбо болх)

7.Ц1ахь бан болх балар.

Номер материала: ДБ-1622864

Не нашли то что искали?

Вам будут интересны эти курсы:

Оставьте свой комментарий

Подарочные сертификаты

Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.

Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.

Источник

Поделиться с друзьями
admin
Расскажем обо всем понемногу
Adblock
detector